Маттай 6 - Делан ЙозанашСагӀанах лаьцна 1 «Варелаш, шаьш Далла деш долу гӀуллакх нахана гайта гӀерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. 2 Айхьа сагӀа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гӀерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цӀенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогӀуш йолу ял иштта а дӀакхаьчна шуна. 3 Айхьа мискачунна сагӀина хӀума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, 4 айхьа лун сагӀа къайлаха хилийта. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю». ДоӀанах лаьцна ( Лака 11:2-4 ) 5 «Шаьш доӀа дечу хенахь шайца шалхалла йолчу нахах дӀа ма тарло, гуламан цӀенош чохь а, ураман некъашкахь а нахана шаьш гайтархьама доӀанаш дан дӀахӀуьттуш болчу. Аса тоьшалла до шуна: царна шайна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна. 6 Ткъа ахьа хьайн доӀа дечу хенахь, хьайн цӀа чу а валий, чӀоггӀа неӀ тӀе а таттий, къайлаха волчу хьайн Дега доӀа де. Къайлаха мел дерг гуш волчу хьан Дас боггӀу мах хадор бу хьан. 7 Ткъа айхьа доӀа дечу хенахь, кхечу къаьмнех болчу наха санна, ца оьшуш мел дерг ма дийца. Царна моьтту, шаьш къамел дукха мел до а, иза дикахо дӀахезар ду Далла. 8 Царах дӀа ма тарло, хӀунда аьлча шун Дена аш Шега дехар а дале хаьа, шуна хӀун оьшу. 9 Цундела шаьш доӀа дечу хенахь хӀокху дешнашна тӀе тидам бахийта: Тхан стигалара Да! Хьан цӀе сийлахь хуьлда! 10 Хьан Олалла тӀекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. 11 Тахана даъал напха лохьа тхуна! 12 Дехьа тхуна геч, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. 13 Хьарам лаамна кӀел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. 14 Наха шуна йинчу хьарамаллина аша гечдахь, стигалахь волчу шун Дас шуна а дийр ду геч. 15 Амма шу шайна вас йинчарна даггара къинтӀера ца довлахь, шун Да шуна а вер вац аша летийначу къиношна къинтӀера». Марха кхабарх лаьцна 16 «Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна. 17 Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, 18 нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю». Шун стигалахь хир долу хьал ( Лака 12:33-36 ) 19 «Дуьненан хьал ма гулде. Иза, нецано а талхош, мекхано хӀаллак а деш, лаьттар ду, я къуша, чу а бевлла, лачкъийна дӀахьур ду. 20 Стигалахь гулде шайна хьал. Цигахь иза нецано талхор а дац, мекхано хӀаллак а дийр дац, я къуша, чу а бевлла, дӀа а хьур дац. 21 Хьан хьал долчохь хьан дог а хир ду. 22 Стеган бӀаьрг цуьнан дегӀан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бӀаьрг цӀена белахь, хьан дерриге а дегӀ серлонах дуьзна хир ду. 23 Амма хьан бӀаьргаш цӀена бацахь, хьан дерриг дегӀ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода! 24 Цхьана стеган шина элан ялхо хила йиш яц. Цунна цхьа хӀусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». Хьайн хьашташна са ма гатде ( Лака 16:13 ; 12:22-31 ) 25 «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегӀан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегӀ духарал дезах ду. 26 Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? 27 Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? 28 Бедар бахьана долуш са хӀунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тӀедолуш долчу петӀамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. 29 Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 30 Иштта эрна арахь тӀедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цӀергахь догур доллушехь, шу кхин а чӀогӀа кечдийр ма ду, Делах кӀезиг тешаш дерш. 31 Цундела кест-кестта: „Оха хӀун юур ю теша?“, я: „ХӀун мер ю теша?“, я: „ХӀун тӀеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. 32 Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 33 Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. 34 Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХӀора де а шен гӀайгӀа яхьаш догӀу». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia