Online Bible

- Reklamy -

Маттай 28 - Делан Йозанаш


Ӏийса веллачуьра денвалар
( Марк 16:1-10 ; Лака 24:1-12 ; Яхьъя 20:1-10 )

1 Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.

2 Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира.

3 Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра.

4 ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.

5 ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий.

6 Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса.

7 Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».

8 Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.

9 ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира.

10 Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».


ГӀаролхоша хаам бо

11 Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира.

12 Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира.

13 Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“.

14 И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».

15 Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.


Ӏийсас мурдашна тӀедиллинарг
( Марк 16:14-18 ; Лака 24:36-49 ; Яхьъя 20:19-23 ; Векалийн 1:6-8 )

16 Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд.

17 Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира.

18 Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.

19 Иштта, дерриге а къаьмнашна тӀе а доьлхуш, царна Сан мурдаш хила Ӏамаде, Ден а, КӀентан а, Делан Синан а цӀарах адамаш хих чекх а дохуш,

20 Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy