Online Bible

- Reklamy -

Маттай 2 - Делан Йозанаш


Ӏийса волчу хьекъалчаш богӀу

1 Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.

2 Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо».

3 Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.

4 ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.

5 Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:

6 „Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»

7 ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.

8 Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».

9 Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дӀабоьдуш бара. ТӀаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тӀехула.

10 Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира.

11 Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а.

12 ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.


Мисар-махка дӀабовдар

13 Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».

14 Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара.

15 ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».


Бераш дайар

16 Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.

17 Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:

18 «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».


Мисар-махкара юхаверзар

19 ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.

20 «Хьала а гӀаттий, – элира цо, – бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».

21 Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп.

22 Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара.

23 Уьш Назарт-гӀалахь ба̄ха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy