Online Bible

- Reklamy -

Лелар 9 - Делан Йозанаш


ШозлагӀа Пасахь

1 Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира:

2 «Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта.

3 Цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, оцу гӀуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тӀедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза».

4 Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар.

5 Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша.

6 Царна юкъахь адамийн докъех куьг Ӏоттадаларца Везачу Элана гергахь бехделла адамаш а дара. Церан бакъо яцара цу дийнахь Пасахьан дезде даздан. Уьш цу дийнахь Мусана а, АхӀаронна а тӀебаьхкира.

7 Оцу наха Мусага элира: «Адамийн докъех куьг Ӏоттарна боьха ду тхо Везачу Элана гергахь. ХӀунда яц те тхан а бакъо исраилхошца цхьаьна билгалъяьккхинчу хенахь Везачу Элана лерина сагӀа даккха?»

8 Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хӀун олу ладугӀу аса».

9 Везачу Эло Мусага элира:

10 «Исраилхошка иштта дӀаала: „Нагахь шух я шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Ӏоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза.

11 Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара.

12 Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, цуьнан даьӀахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гӀуллакх.

13 Ткъа ша цӀена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагӀа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву.

14 Шуна юкъахь Ӏаш тӀевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гӀуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тӀедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тӀевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».


Некъ гойтуш йолу марха
(Арадаккхар 40:34-38)

15 Делан четар дӀахӀоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тӀе марха хӀоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тӀехула йолу марха цӀе санна гуш яра.

16 Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тӀехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цӀе санна хуьлура.

17 Четарна тӀера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дӀахӀоттабора.

18 Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тӀехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура.

19 Нагахь марха четарна тӀехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидӀа новкъа ца бовлура.

20 Наггахь и марха четарна тӀехь сецна кӀеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кӀезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура.

21 Наггахь, сарахь тӀе а хӀуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Ӏуьйре тӀееача, марха хьалаайалора, тӀаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура.

22 Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа.

23 Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy