Лелар 34 - Делан ЙозанашВезачу Эло лур бу аьллачу мехкан дозанаш 1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду: 3 къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду. 4 Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду. 5 Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш. 6 Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. 7 Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц. 8 ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош. 9 Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза. 10 Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц. 11 Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. 12 Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц. Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“». 13 Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, 14 хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна. 15 Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду». Латта декъа дӀахӀиттийна куьйгалхой 16 Везачу Эло Мусага элира: 17 «Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а. 18 ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта. 19 Церан цӀераш хӀорш ю: ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву; 20 ШимӀин тайпанна – ӀамихӀудан кӀант Шамуал; 21 Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кӀант Эли-Дада; 22 Данан тайпанна – ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай; 23 Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кӀант Хьаниал; 24 Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кӀант волу эла Къамуал; 25 Забулан тайпанна – Парнакан кӀант Эли-Цапан; 26 Иссарханан тайпанна – Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал; 27 Ашаран тайпанна – Шалумин кӀант АхьъяхӀуд; 28 Напталан тайпанна – ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил». 29 КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia