Online Bible

- Reklamy -

Лелар 30 - Делан Йозанаш

1 Везачу Эло шена тӀедиллинарг дерриге а дӀадийцира Мусас Исраилан халкъе.


Нигат дарх лаьцна

2 Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хӀара тӀедуьллу:

3 Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тӀе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо.

4 Нагахь шен ден цӀахь Ӏаш йолчу йоӀстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,

5 ткъа цу йоӀан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан цо дехкар дӀахезча, дуьхьало а ца еш иза ӀадӀийча, йоӀа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хӀума а кхочушдан деза.

6 Ткъа нагахь цу йоӀан дена, и хӀума дӀа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоӀа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хӀума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоӀан дас цунна дуьхьало йина дела.

7 Нагахь и йоӀ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тӀехь доллушехь,

8 ткъа цуьнан майрачо, шена и дӀахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоӀа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушъян езаш ю.

9 Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду.

10 Йисина я дӀакъаьстина Ӏаш йолчу зудчо дина нигат – шен сих цо ша йихкина муьлхха а чӀагӀо – кхочушъян езаш ю.

11 Нагахь зудчо шен майрачун цӀентӀехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,

12 ткъа майрачунна иза дӀахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушхир ю.

13 Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дӀахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чӀагӀо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хӀума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду.

14 Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хӀума ца дан цо йина муьлхха чӀагӀо а тӀеэца а, тӀе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун.

15 Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чӀагӀонаш а тӀечӀагӀйо, шена дӀахезча, цунах лаьцна хӀумма а ца олуш, ша иза Ӏадйитина дела.

16 Ткъа нагахь шена и дӀахезча, тӀаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чӀагӀонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву».

17 Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цӀахь Ӏаш йолчу цуьнан йоӀана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тӀедехкина долу парзаш.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy