Лелар 24 - Делан Йозанаш1 БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2 Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе. 3 БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара. 4 Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна. 5 Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш! Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш! 6 ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш, хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш! Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш! Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш! 7 Церан чийлакаш чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду, церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду. АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь. Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла! 8 Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ. БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь. Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо, мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо, шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе. 9 Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!» 10 ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу. 11 Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех». 12 БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка: 13 Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!» БалиӀама шега Делера тӀаьххьара хилла хаам дӀабовзийтар 14 «ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». 15 БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара. 16 Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна. 17 Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю. 18 Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу, шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу. 19 Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо, ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо». 20 Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» 21 Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна. Шун бен тархан лакхенгахь бина бу. 22 Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду, Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!» 23 Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира: «ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те? 24 Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду. Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь, амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!» 25 БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia