Online Bible

- Reklamy -

Лелар 21 - Делан Йозанаш


КанаӀанхой эшор

1 КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо.

2 ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла.

3 Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).


ЦӀестан лаьхьа

4 ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.

5 Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача».

6 Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.

7 Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле.

8 Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву».

9 Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.


Муаба-махка некъ бар

10 Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой.

11 Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш.

12 Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш.

13 Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара.

14 Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь: «Супа цӀе йолчу арара ВахӀаб-гӀала а, Арнон-хин тогӀеш а,

15 цу тогӀийн Ӏар-гӀалина тӀейоьлхуш йолу, Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».

16 Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна».

17 ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира: «Хих хьалаюза, гӀу! ДӀаала цунах илли!

18 Элаша а, халкъан тхьамданаша а шайн дарж гойтучу гӀожмашца а, Ӏасанашца а яьккхина хӀара гӀу». Яьссачу арара Матана олучу метте дӀабахара исраилхой.

19 Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара,

20 Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.


Сихьонна а, ӀовгӀана а тӀехь толам баккхар
( Карлабаьккхинарг 2:26–3:11 )

21 Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна:

22 «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо».

23 Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон.

24 Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша.

25 Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа.

26 Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона.

27 Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гӀала гӀо, то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!

28 Сихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала, Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.

29 Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо! Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти, йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.

30 Амма оха хӀаллакбина эмархой, Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна, Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц бассийна церан мохк».

31 Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой.

32 Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.

33 Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа.

34 Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».

35 Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy