Online Bible

- Reklamy -

Лелар 17 - Делан Йозанаш


АхӀаронан заза даьккхина Ӏаса

1 Везачу Эло Мусага элира:

2 «Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе.

3 АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза.

4 И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте.

5 Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».

6 Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра.

7 Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.

8 ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо.

9 Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира.

10 Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».

11 Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.

12 Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хӀаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хӀаллакдийр дуйла!

13 Везачу Элан четарна тӀе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy