Лелар 16 - Делан ЙозанашКхорахь а, Датан а, Абирам а карзахвалар 1 Левин тӀаьхьенах волчу КхахӀатан кӀентан Ицхьаран кӀант Кхорахь а, Раабанан тӀаьхьенах волчу Элиабан кӀентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатӀан кӀант Ана а 2 Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бӀе шовзткъе итт цӀеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. 3 Цара, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хӀунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?» 4 Шена и дӀахезча, Муса бертал охьавуьйжира. 5 ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву. 6 Амма хӀара гӀуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца. 7 Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цӀе а латаяй, хаза хьожа йогӀу сегӀаз цу чу дилла. ТӀаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!» 8 Кхорахье Мусас элира: «ЛадогӀа соьга, левихой! 9 Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дӀа а къастийна, Шена тӀеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гӀуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гӀуллакх дайтархьама а. Иза кӀезиг хета те шуна? 10 Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кӀентий болу хьан берриге вежарий а Шена тӀеозийна, ткъа хӀинца динан дайн дарже кхача гӀерташ ма ду шу! 11 Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхӀарон мила ву, аша цунна яппарш ян?» 12 Элиабан кӀентий Датанний, Абираммий шена тӀебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тӀе догӀур дац тхо! 13 Яьссачу арахь хӀаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кӀезиг хета те хьуна? Тхуна тӀехь олалла дан а лаьа хьуна? 14 Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бӀаьрса дайа воллу хьо? Ца догӀу тхо хьуна тӀе!» 15 Муса чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагӀина лерина дахьачу хӀумане дӀа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера». 16 Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дӀахӀитталаш. Хьо а, уьш а, АхӀарон а. 17 Аша хӀораммо а, богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаелаш – ши бӀе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхӀарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дӀахӀитто еза». 18 ХӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дӀахӀиттира уьш Мусаца а, АхӀаронца а цхьаьна. 19 Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дӀахӀиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира. 20 Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира: 21 «Шу оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар тохале Соьга уьш хӀаллакбайтархьама». 22 Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?» 23 Везачу Эло Мусага элира: 24 «Халкъе дӀаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хӀусамашна гонах йолчу меттера дӀадовла“». 25 Муса, хьала а гӀаьттина, Датанна а, Абирамна а тӀевахара, цунна тӀаьххье исраилхойн къаной а бахара. 26 Халкъе Мусас элира: «ХӀокху зуламечу нехан четаршна юххера дӀа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хӀуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». 27 Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дӀабевлира. Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кӀенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара. 28 Мусас элира: «ХӀинца хӀокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: 29 нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. 30 Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла». 31 Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира. 32 Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира. 33 Шайн долахь мел хиллачу хӀуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дӀахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хӀаллак а хилла, дӀабевлира уьш. 34 Царна гонах хилла болу исраилхой, хӀокхара маьхьарий хьаькхча, дӀабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дӀа ма кхоллийла!» – бохуш. 35 Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш 36 Везачу Эло Мусага элира: 37 «Динан да волчу АхӀаронан кӀанте ЭлиӀазаре дӀаала: „Багийначу нехан карахь хилла йолу нойш схьагулъе, хӀунда аьлча и нойш язйина ю. Царна чуьра богуш болу кӀоранаш кхиссий дӀабахийта. 38 Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀелаца, хӀунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“». 39 Багийначу наха еана йолу и цӀестан нойш динан дас ЭлиӀазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тӀейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама, 40 Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама. АхӀарона халкъехьа гӀо даккхар 41 ШолгӀачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхӀаронна а реза доцуш дӀахӀоьттира. Цара бохура: «Аша хӀаллакдина Везачу Элан халкъ». 42 Мусана а, АхӀаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агӀор дӀабирзича, царна гира четарна тӀехула дӀахӀоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 43 Муса а, АхӀарон а гуламан четарна нийсса хьалха агӀор тӀевахара. 44 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 45 «ДӀа а хилий, оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар а тохале Соьга иза хӀаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира. 46 Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». 47 Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхӀарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а дагош, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдора АхӀарона. 48 АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира – цамгаран ун сецира. 49 Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара. 50 Цамгаран ун сецначул тӀаьхьа АхӀарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тӀе юхавирзира. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia