Лелар 12 - Делан ЙозанашМаремана таӀзар дар 1 Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера. 2 Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира. 3 (Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.) 4 Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира. 5 Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара. 6 Везачу Эло элира: «ЛадогӀа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара, я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. 7 Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву. 8 Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?» 9 Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара. 10 Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! 11 ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна! 12 Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!» 13 Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш. 14 Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду». 15 Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia