Online Bible

- Reklamy -

Лака 5 - Делан Йозанаш


Ӏийсан дуьххьарлера мурдаш
( Маттай 4:18-22 ; Марк 1:16-20 )

1 Цкъа Гансарт цӀе йолчу Ӏомана йистехь лаьтташ вара Ӏийса. Дукха адам дара Цунна гонах гулделла, тӀе теӀаш, Делера долчу даше ладогӀархьама.

2 Ӏийсана берда тӀехь ши жима хинкема гира. Царна чуьра охьабиссина чӀерийлецархой шайн бойнаш цӀанъеш бара.

3 ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.

4 Шен къамел чекхдаьлча, Цо ШамӀе элира: «Хи кӀорга долччига дӀадахийта кема! Цигахь шайн бойнаш чутаса, чӀерий лецархьама!»

5 ШамӀас жоп делира: «Лоруш волу Устаз! Буьйсанна сахиллалц болх бина оха сийсара, амма хӀумма а ца лаьцна. Делахь а, Ахь аларна, бой чу-м тосур ю ас».

6 Бойнаш чутесча, цара вуно дукха чӀерий лийцира. И бойнаш эттӀал чӀогӀа дукха чӀерий дара царна чохь.

7 ШамӀагӀара кхечу кеманна тӀехь болу шайн накъостий, куьг а ластийна, схьакхайкхира. Уьш схьабаьхкича, шина а кеманна тӀе чӀерий хьаладехира цара. И чӀерий дукха долуш, хинан кеманаш бухадаххал чӀогӀа дуьзина дара.

8 ШамӀа-Кипас, и ган а гина, Ӏийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДӀагӀохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!»

9 И лецна чӀерий гина, ШамӀа а, цуьнан накъостий а чӀогӀа цецбевлла бара.

10 Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо».

11 Кеманаш берда тӀе хьала а даьхна, шадерг цигахь а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттина дӀабахара уьш.


Ӏийсас дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг тово
( Маттай 8:1-4 ; Марк 1:40-45 )

12 Цкъа цхьана гӀалахь вара Ӏийса. Оцу гӀалахь вехаш вара цхьа стаг, дӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш. Ӏийса шена гича, Цунна хьалха гора воьжна, дийхира оцу стага: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа», – аьлла.

13 ДӀакховдийна, цунах дӀа а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!» Оцу сохьта цу стеган дегӀ цӀанделира.

14 Юха Ӏийсас элира цуьнга: «Кхунах лаций цхьаьнгге хӀумма а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега гайта. Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».

15 Амма Ӏийсах лаьцна хабар шуьйра даьржаш дара массо а меттехула. Цунна тӀе дукха адам догӀура: Цуьнга ладогӀа а, дарбанаш дайта а.

16 Ткъа Ӏийса кест-кеста адам доцучу метте дӀа а воьдий, Деле доӀанаш деш Ӏара.


Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
( Маттай 9:1-8 ; Марк 2:1-12 )

17 Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара.

18 ДегӀан меженаш лела а ца луш, меттахь Ӏуьллуш волу цомгуш стаг валош цхьа нах баьхкира. ЦӀа чу а ваьхьна, иза Ӏийсана хьалха вилла гӀерташ бара уьш.

19 Амма цӀенна гонахьа дукха нах хиларна, иза чувохьийла а ца хилла, и цомгуш стаг а эцна, тхов тӀе хьала а бевлла, нийса болчу цу тховх Ӏуьрг а даьккхина, цӀа чу биссира уьш. Цомгуш верг шен мотт-гӀайбица нахана юккъе а веана, Ӏийсана хьалха охьавиллира цара.

20 Церан Шех тешар а гина, Ӏийсас элира: «ДоттагӀа! Хьан къиношна гечдина», – аьлла.

21 ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»

22 Амма Ӏийсас, церан дог-ойла хууш, элира: «Иштта ойланаш хӀунда йо аш?

23 ХӀун ду атта ала: „Хьан къиношна гечдина“, я „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?

24 Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен чохь къиношна гечдан олалла дуйла», – аьлла, цомгуш волчу стаге Цо элира: «Ас боху хьоьга, хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»

25 Оцу сохьта и цомгуш верг, хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, цӀа вахара, Далла хастамаш а беш.

26 Чохь берш инзарбевллера. Деле болчу ларамах дегнаш дуьзна, цара бохура: «Вайна тахана гинарг инзаре тамашийна хӀума ду!»


Левига тӀекхайкхар
( Маттай 9:9-13 ; Марк 2:13-17 )

27 Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!»

28 Леви, дерриг охьа а тесна, Ӏийсана тӀаьххье дӀавахара.

29 Левис шен цӀахь Ӏийсана доккха той хӀоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хӀума юуш.

30 Парушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»

31 Царна жоп луш, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.

32 Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тӀедерза ала веана».


Марха кхабарх лаьцна
( Маттай 9:14-17 ; Марк 2:18-22 )

33 Юха цара элира Ӏийсага: «Яхьъян мурдаш кест-кеста марха кхобуш а, ламаз деш а бу, иштта бу парушхойн мурдаш а, ткъа Хьан мурдаш дууш а, молуш а бу».

34 Ӏийсас царна жоп делира: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъостий, и стаг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш?

35 Цхьа хан а еана, и зуда ялийнарг дӀавигча, тӀаккха даарх, маларх херабевлла, сингаттаме хир бу уьш».

36 Юха Ӏийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра: «Цхьаммо а ширачу духар тӀе, керлачу тӀера схьа а яьккхина, йома латор яц, хӀунда аьлча керла духар а дохор ду, ширачу духар тӀехь керла йома товр яц.

37 Цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду.

38 Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дотта деза.

39 Цхьаммо а шира чагӀар а мелла, юха керланиг мер дац, хӀунда аьлча цо эр ду: „Шираниг гӀолехь ду“».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy