Online Bible

- Reklamy -

Лака 20 - Делан Йозанаш


Ӏийсан олалла шеконе диллар
( Маттай 21:23-27 ; Марк 11:27-33 )

1 ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а.

2 «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.

3 Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар:

4 Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»

5 ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла.

6 Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх».

7 Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.

8 Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».


Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
( Маттай 21:33-46 ; Марк 12:1-12 )

9 Юха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза.

10 Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна.

11 ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а.

12 Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а.

13 ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“

14 Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.

15 Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза. Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас?

16 Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш». ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»

17 Ӏийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?

18 Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».

19 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.


Паччахьна ял яларх лаьцна
( Маттай 22:15-22 ; Марк 12:13-17 )

20 Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш.

21 Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг.

22 Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»

23 Церан мекарло гуш, Ӏийсас элира:

24 «Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара.

25 ТӀаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».

26 Нахана хьалха цхьана а хӀуманна тӀехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дӀасевцира мотт беттарш.


Денваларх лаьцна
( Маттай 22:23-33 ; Марк 12:18-27 )

27 Ӏийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга:

28 «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто.

29 ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.

30 Иштта хилла шолгӀачу вешина а.

31 КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш.

32 Эххар и зуда а елла.

33 Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

34 Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху.

35 ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац.

36 Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац.

37 Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла.

38 Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»

39 И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла.

40 Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.


Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
( Маттай 22:41-46 ; Марк 12:35-37 )

41 Юха Ӏийсас хаьттира: «Дала леррина Къобалвинарг Даудан КӀант ву хӀунда олу?

42 Дауда забура тӀехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа,

43 Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.

44 Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»


Ӏеламчу нахах ларвалар
( Маттай 23:1-36 ; Марк 12:38-40 )

45 Массо а Ӏийсага ладугӀуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира:

46 «Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна.

47 Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таӀзар хир ду».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy