Online Bible

- Reklamy -

Лака 19 - Делан Йозанаш


Ӏийса а, Закай а

1 Цул тӀаьхьа Ӏийса Ерихон-гӀалахула чекхволуш вара.

2 Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра.

3 Закайна чӀогӀа лаьара Ӏийса ган, амма дегӀана жима волу дела, нахана тӀехула ца хьажалора иза.

4 Ведда хьалха дӀа а вахана, цхьана комарийн дитта тӀе хьалавелира иза, тӀехволу Ӏийса гархьама, хӀунда аьлча Ӏийса цигахула дӀаваха везаш вара.

5 Закай волчу метте тӀевеана, хьала а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».

6 Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тӀеийцира Ӏийса шен хӀусамехь.

7 И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хӀусаме хьошалгӀа веа-кх Иза».

8 Закайс, хьала а гӀаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дӀалур бу, нагахь ас цхьана хӀумана тӀехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахӀоттор ду!»

9 Ӏийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хӀусаме, хӀунда аьлча иза а ИбрахӀиман кӀант ву.

10 Адамийн КӀант дайнарг каро а, кӀелхьардаккха а веана ма ву».


Итт дашо ахчанах лаьцна хьекъале дийцар
( Маттай 25:14-30 )

11 ЛадугӀучарна Ӏийсас цхьа хьекъале хӀума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хӀинццехь гучудаьлла хир ду.

12 Ӏийсас дийца долийра: «Паччахьан цӀийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чӀагӀ а йина, вухаверзархьама.

13 Ша дӀавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хӀара ахча пайда хуьлучу гӀуллакхна хьажаде“.

14 Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тӀаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дӀахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.

15 Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хӀун пайда хилла аьлла, хаьттира цо.

16 Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла.

17 ХӀусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кӀезигчу хӀуманна тӀехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кӀел итт гӀала ло ас“.

18 ШолгӀачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“.

19 „Хьо пхеа гӀалина тӀехь куьйгалла дан хӀоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо.

20-21 Схьавеана, кхозлагӀчо аьлла: „Эла! ХӀара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Ӏалашдинера ас иза, хӀунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцу ахь, айхьа дӀа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла.

22 Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дӀа ца йиллинчуьра хӀума схьаоьцуш а, айса дӀа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.

23 Со цӀа вале оцу ахчанах суна пайда хӀунда ца бира ахь, тӀе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла.

24 ТӀаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дӀало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла.

25 Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла.

26 Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.

27 Ткъа аса шайна тӀехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагӀий, схьа а балабай, хӀокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».


Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
( Маттай 21:1-11 ; Марк 11:1-11 ; Яхьъя 12:12-19 )

28 Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Ӏийса.

29 Зайт-диттийн ломан басенашкахь Ӏохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а гӀаланашна тӀекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тӀе декхар а диллина:

30 «Шайна хьалха лаьттачу юьрта дӀагӀо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тӀе а хааза, дӀайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае.

31 Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хӀунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара“, – эр ду аш».

32 ДӀабаханчу мурдашна, Ӏийсас ма-аллара, карийра дерриг а.

33 Цара вир схьайостучу хенахь, хӀусамдайша хаьттира: «Вир схьа хӀунда йосту аш?» – аьлла.

34 Кхара жоп делира: «ХӀара Элана оьшу», – аьлла.

35 Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедар а кхоьссина, Ӏийса тӀехаийра.

36 Иза новкъа вогӀуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура.

37 Зайт-диттийн лам тӀера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гӀуллакхаш бахьана долуш:

38 «Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.

39 Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Ӏийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла.

40 Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тӀулгаша а маьхьарий деттар ду».


Ӏийсан Ярушалаймах болу тийжам

41 Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гӀала а гина, Ӏийсан бӀаьргех хи делира.

42 Цо элира: «Маржа-яӀ! ХӀокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хӀун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бӀаьргех.

43 Цхьа денош догӀур ду, мостагӀаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агӀор хьо къовлуш.

44 ТӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».


Делан цӀийнан керт цӀанъяр
( Маттай 21:12-17 ; Марк 11:15-19 ; Яхьъя 2:13-22 )

45 Делан цӀийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дӀалахка волавелира Ӏийса.

46 «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».

47 Ӏийсас хӀора дийнахь Делан цӀийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а Ӏийса хӀаллакван лууш бара.

48 Амма церан аьтто ца болура, хӀунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хӀора Цуьнан даше ладугӀуш.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy