Online Bible

- Reklamy -

Лака 11 - Делан Йозанаш


ДоӀа дан Ӏамор
( Маттай 6:9-13 ; 7:7-11 )

1 Цкъа Ӏийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доӀа деш вара. Иза доӀа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Ӏамадехьа доӀа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Ӏамадарра».

2 Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш доӀа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цӀе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тӀекхочийла!

3 ХӀора дийнахь даъал напха лохьа тхуна.

4 Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кӀел ма дахийтахьара Ахьа тхо“».

5 Юха Ӏийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагӀа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагӀа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна,

6 со волчу доттагӀа кхаьчна, сан цунна яла хӀумма а яц“.

7 ТӀаккха шун доттагӀчо ала мега: „Со Ӏадда вита, сан неӀ дӀакъевлина ю, со а, бераш а дӀадийшина ду. Сан, хьала а гӀаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“.

8 Ас боху шуьга, нагахь шун доттагӀалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гӀаьттина, шуна иза лур бу.

9 Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна,

10 хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.

11 Муьлхачу дас лур бу шен кӀантана лаьхьа, цо чӀара боьхуш хилча?

12 Муьлхачу дас лур ю шен кӀантана дӀаьвше гезг, цо хӀоа доьхуш хилча?

13 Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“».


Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
( Маттай 12:22-30 ; Марк 3:20-27 )

14 Цкъа Ӏийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хӀоьттира. Юххехь лаьттарш чӀогӀа цецбевллера.

15 Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаӀал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра».

16 Ткъа вукхара Ӏийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла.

17 Амма церан ойланаш хуучу Ӏийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу.

18 Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаӀал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дӀадоху бохуш, аш кхайкхадо дела.

19 Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу!

20 Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю.

21 Нагахь шен цӀа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хӀумма а дац.

22 Амма нагахь, цул онданиг тӀе а летта, и эшавахь, хӀусамден бӀобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дӀахьур бу.

23 Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасабекъаболуьйтуш ву».


Харцжин юхадар
( Маттай 12:43-45 )

24 «Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош. ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“.

25 Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.

26 ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу».


Бакъдолу ирс

27 Ӏийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!»

28 Амма Ӏийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочушдеш берш».


Тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
( Маттай 12:38-42 )

29 Дукха адам дара Ӏийсана гонах гулделла, тӀетеӀаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хӀинцалера тӀаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.

30 Нунав-гӀалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хӀинцалерчу тӀаьхьенна Адамийн КӀант а билгало хилла дӀахӀуттур ву.

31 Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хӀокху тӀаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву.

32 Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».


ДегӀана – серло
( Маттай 5:15 ; 6:22 , 23 )

33 «Цхьаммо а ца хӀоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кӀел. Мелхо а хӀора чувогӀучунна серло гун йолччу лакха хӀоттабо.

34 Хьан бӀаьргаш – хьан дегӀан серло ю. Нагахь хьан бӀаьргашна са дика гахь, хьан дегӀ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бӀаьргаш дика бацахь, дегӀ а боданах дуьзна хир ду.

35 Хьайн дегӀера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.

36 Нагахь хьан дегӀ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду».


Ӏийсас парушхошна а, Ӏеламчу нахана а дуьхьал къамел до
( Маттай 23:1-36 ; Марк 12:38-40 )

37 Ӏийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хӀума яа чукхайкхира. ЦӀа чу а ваьлла, хӀума юучу меттехь агӀорвелира Ӏийса.

38 Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча.

39 Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тӀехулара кад-Ӏайг дикка цӀандахь а, бухалара бӀаьрмециг а, къиза а ду шу.

40 Сонтанаш! ТӀехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а?

41 Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тӀаккха дерриг а нийса хир ду шун.

42 Къа ду шун, парушхой! Аша шайн долахь долчух уьтталгӀа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагӀина дӀалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза.

43 Къа ду шун, парушхой! Гуламан цӀа чохь баьрччехь Ӏан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна.

44 Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тӀехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш».

45 Цхьана Ӏеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла.

46 Ӏийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Ӏелам нах! ХӀунда аьлча дӀа ца бахьлун мохь нахана тӀе буьллу аш, ткъа шаьш пӀелга тӀе пӀелг а ца туху гӀодархьама.

47 Къа ду шун, хӀунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу.

48 И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хӀиттадо.

49 Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“.

50 ХӀокху тӀаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Ӏанийна долу массо а пайхамаран цӀий хоттур ду:

51 Хьабулна тӀера Делан цӀенний, сагӀа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхӀуний тӀе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а.

52 Къа ду шун, Ӏелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цӀийнан догӀа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цӀа чу, я нах а ца бахийтина аш».

53 Ӏийса цигара дӀавахча, Ӏелам нах а, парушхой а, оьгӀаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тӀаьхьабевлира Цунна,

54 муьлххачу даша тӀехь лаьцна а, Иза лаца гӀерташ.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy