Online Bible

- Reklamy -

Кицанаш 9 - Делан Йозанаш


Хьекъалалла а, сонталла а

1 Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра.

2 Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра.

3 ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо:

4 «Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо:

5 «Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар.

6 Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».

7 Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву.

8 Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха – цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу.

9 Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве – цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.

10 Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу.

11 Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду.

12 Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.

13 Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю – цунна хӀумма а ца хаьа.

14 Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза.

15 Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта:

16 «Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» – бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху:

17 «Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду».

18 Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy