Кицанаш 8 - Делан ЙозанашХьекъалалла хастор 1 Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг? 2 Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь, некъаш вовшахкхетачу меттехь. 3 Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху, неӀарна чуволучу меттехь: 4 «Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш, массо а нахе кхойкхуш ду сан аз! 5 Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш. Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш. 6 ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду, сан багахула арадовлу дешнаш – цӀеначу дагара ду. 7 Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду, ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю. 8 Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац. 9 Кхетам берг цу дешнех дика кхета, иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета. 10 ДӀаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цӀеначу дешин метта, 11 хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна. 12 Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна. 13 Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна. 14 Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду. Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу. 15 Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху. 16 Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а, иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а. 17 Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду. 18 Соьгахь бу бахам а, сийлалла а, телхар йоцу хазна а, нийсо а. 19 Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу. 20 Со нийсонан некъаш тӀехула лела, аса бакъдолчун тачанаш лоху. 21 Со дезачарна ас хьал ло, церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу. 22 Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина. 23 Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале. 24 Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале, иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале. 25 Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале, 26 латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале. 27 Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а, 28 иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара. 29 Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара. 30 Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь. 31 Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара. 32 Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга. Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш! 33 ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла. 34 Декъала ву соьга ладугӀуш верг, сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а, сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг. 35 Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна. 36 Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву. Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia