Online Bible

- Reklamy -

Кицанаш 7 - Делан Йозанаш

1 Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде.

2 Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе.

3 Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.

4 Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала.

5 Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух – эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.


Нахаца лела зуда

6 Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара.

7 Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна.

8 Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара.

9 Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара.

10 Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра.

11 (Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц.

12 Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.)

13 И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира:

14 «Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду,

15 цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо.

16 Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш.

17 Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна.

18 Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ,

19 хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла.

20 Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац».

21 Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира.

22 Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна,

23 шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна – иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.

24 Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе.

25 Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела.

26 Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу.

27 Цуьнан цӀа – эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy