Кицанаш 31 - Делан ЙозанашЛамуал-паччахьан хьекъале дешнаш 1 ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш: 2 «Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант! 3 Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь. 4 Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар. 5 ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц. 6 Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало. 7 ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а. 8 Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь. 9 Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь». Дика а, оьзда а йолу зуда 10 А тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу. 11 Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна. 12 В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна. 13 Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш. 14 Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа. 15 Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до. 16 З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо. 17 И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан. 18 К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна. 19 Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу. 20 М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо. 21 Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда. 22 О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш. 23 П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь. 24 Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна. 25 С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга. 26 Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна. 27 У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан. 28 «Х ьо декъалниг ю», – олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза. 29 Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц». 30 Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а – сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда. 31 Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia