Кицанаш 20 - Делан Йозанаш1 ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. 2 Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту. 3 Къовсаваларх ларвалар – лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву. 4 Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац. 5 Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало. 6 Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду. 7 Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду! 8 Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу. 9 Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»? 10 Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а – ший а Везачу Элана дегаза хета. 11 Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула – цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула. 12 ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а – ший а Везачу Эло кхоьллина ду. 13 Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза. 14 Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до. 15 Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду. 16 Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча. 17 Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту. 18 Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила. 19 Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила. 20 Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю. 21 Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац. 22 «Ас бекхам бийр бу вон диначунна», – ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву. 23 Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь. 24 Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара? 25 Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю. 26 Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю. 27 Стеган са – Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло. 28 Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо. 29 Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов. 30 Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia