Кицанаш 2 - Делан ЙозанашХьекъалалло бахьа пайда 1 Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде. 2 Хьекъалалле ладогӀа, цунах кхета а хьажа. 3 ХӀума къасто хаар деха хьайна, гӀуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. 4 Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дӀалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тӀаьхьаваьлла лелахь, 5 Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хӀун ду хьуна хуур ду. 6 ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. 7 Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. 8 Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо. 9 ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу. 10 Хьан даг чу хьекъалалла а дуссур ду, хаарша хьан синна хазахетар а лур ду. 11 ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду, 12 вочу стеган зуламечу некъех а, иштта харцдерг дуьйцучу стагах а хьо ларвархьама. 13 И нах, нийса некъаш а дитина, боданечу некъаш тӀехь лелаш бу. 14 Уьш, вониг шаьш дечу хенахь, сакъералуш хуьлу, боьха лелар а цара тӀетадо. 15 Церан некъаш гома ду, церан лелар дегаза ду. 16 Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гӀерта. 17 Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза. 18 Цуьнан цӀа стаг Ӏожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тӀе кхачаво. 19 Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу. 20 Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха, 21 хӀунда аьлча догцӀена берш лаьтта тӀехь бехар бу, кхачаме берш цу тӀехь буьсур бу, 22 амма Ӏеса нах лаьтта тӀера дӀахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тӀера дӀабохур бу. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia