Кицанаш 15 - Делан Йозанаш1 Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху. 2 Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу. 3 Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. 4 Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо. 5 Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву. 6 Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа. 7 Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц. 8 Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу. 9 Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза. 10 Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву. 11 Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. 12 Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза. 13 Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу. 14 Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу. 15 Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта. 16 КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул. 17 Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул. 18 КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо. 19 Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу. 20 Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела. 21 Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела. 22 Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду. 23 Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а! 24 Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама. 25 Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо. 26 Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду. 27 Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву. 28 Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу. 29 Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду. 30 Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо. 31 Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю. 32 Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо. 33 Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia