Кицанаш 13 - Делан Йозанаш1 Хьекъалечу кӀанта шен дас ша нисваран дикка тергам бо, ткъа кхаьрдаш волчо шена бечу тӀехбеттаме ла ца дугӀу. 2 Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу. 3 Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тӀе зулам догӀур ду. 4 Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу. 5 Дикачу стагана харцонаш ца еза, ткъа Ӏесачу стага шена тӀе юьхьӀаьржо а, эхь а доуьйту. 6 Нийса леларо догцӀена стаг шен некъа тӀехь ларво, ткъа Ӏесалло къинош летош верг хӀаллакво. 7 Цхьаболчу наха, шайн долахь хӀумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а. 8 Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац. 9 Дикачу нехан серло синкъераме йогу, ткъа вочу нехан чиркх байина хир бу. 10 Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу. 11 Букъ а ца лозуш доккхург дог а ца лозуш дӀадолу, ткъа къахьегарца жим-жима гулдина хьал дебар ду. 12 Сатийсам кхочушхила хьебелча, дог гӀайгӀане хуьлу, ткъа хьан сатийсам кхочушхилча, иза дахаран дитт санна денло. 13 Шена бина хьехам дӀатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю. 14 Хьекъалалла долчун хьехамаш дахаран шовда ду, цара адамна гӀо дийр ду Ӏожаллин гурана генавала. 15 Хьекъал долчу стагаца нехан ларам хуьлу, ткъа тешаме боцучеран некъ хала бу. 16 Хьекъал долчо, ша цхьа хӀума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дӀагойту. 17 Геланча тешаме вацахь, цунах зулам долу, амма тешаме волчо машар бахьа. 18 ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду. 19 Лаам кхочушхилча, сакъерало. Вочу хӀуманах дӀакъастар сонтачунна дегаза хета. 20 Хьекъал долчаьрца юкъаметтиг лелош верг хьекъал долуш хир ву, амма сонтачаьрца гергарло лелош волчо шена тӀе бала бахьа. 21 Къинош леточарна вон тӀаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду. 22 Дика стаг веллачул тӀаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Ӏалашдеш ду. 23 Ур-атталла къечу стеган ахаза долчу лаьтто алссам ялта делча а, нийса ца леларо цуьнан хьал дӀадоккху. 24 Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво. 25 Дикачу стага Ӏаббалц яа хӀума юур ю, ткъа Ӏесачу нехан кийрахь мацалла лаьттар ю. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia