Кицанаш 10 - Делан ЙозанашСулим-паччахьан кицанаш 1 ХӀорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо. 2 Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху. 3 Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту. 4 Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо. 5 Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву. 6 Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. 7 Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю. 8 Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. 9 Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву. 10 Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. 11 Хьаналчу стеган дешнаш – дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. 12 Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо. 13 Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду. 14 Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо. 15 Хьалдолчун бахам – цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду. 16 Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу. 17 Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела. 18 Шен цабезам къайлабохуш верг – аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву. 19 Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву. 20 Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду. 21 Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна. 22 Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху. 23 Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь. 24 Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. 25 ШайтӀанан мох хьаькхча – Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу. 26 Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна. 27 Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду. 28 Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц. 29 Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу. 30 Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац. 31 Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду. 32 Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia