Ӏезар 5 - Делан Йозанаш1 Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Ӏидун кӀант Закри-ЯхӀу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цӀарах ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхӀудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. 2 ТӀаккха Шалтаалан кӀант волу Зурбабел а, ЮцӀдукъан кӀант волу ЮшаӀ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цӀен тӀехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. 3 Цу хенахь царна тӀевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тӀехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаӀе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. 4 ТӀаккха оха дӀайийцира царна и гӀишло еш болчеран цӀераш. 5 Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц. 6 Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тӀехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. 7 Кехатан чулацам хӀара бу: «Боккхачу машарехь Ӏойла хьо, Дари-Ваша-паччахь! 8 Паччахьна дӀахоийла тхо яхӀудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цӀа дахана хилар. ЯхӀудхоша и цӀа даккхийчу тӀулгех деш ду, цу тӀулгашна юккъе дечиган дукъош а хӀиттош. ЯхӀудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо. 9 Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хӀара Делан цӀа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ – аьлла. 10 Цул сов, оха церан цӀераш а хаьттира. Тхан Ӏалашо яра церан цӀераш дӀаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама. 11 Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цӀа юхаметтахӀоттош ду тхо. ХӀара цӀа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду. 12 Амма тхан дайша стигалара Дела оьгӀазвахийтира. ТӀаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дӀабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цӀа доха а дина, халкъ Бавеле дӀадигира. 13 Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цӀа юхаметтахӀоттаде аьлла. 14 Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цӀа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегӀаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цӀа чуьра ара а яьхна, ЯхӀудан мехкада хӀоттийна волчу Шишбацаре дӀаелира. 15 Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХӀара дешин а, детин а хӀуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юха дӀахьо. Ткъа Делан цӀа ша хьалха хиллачу меттехь дӀахӀоттаде’. 16 ТӀаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цӀийнан бух боьттира. ХӀетахь дуьйна схьа и цӀа деш а ду, хӀинца а дина далаза а ду“. 17 Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тӀехь дӀаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цӀа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тӀаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гӀуллакхна тӀехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia