Online Bible

- Reklamy -

Ӏезар 1 - Делан Йозанаш


Къуреша йийсархошна ЯхӀуд-махка цӀа берза пурба ло

1 Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:

2 «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла.

3 Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхӀуд-махкарчу Ярушалайме а гӀойла, аша Везачу Элан цӀа а дойла.

4 Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гӀо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгӀаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна лерина долу».

5 ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.

6 Массо а лулахоша шайн лаамца гӀо дора царна совгӀаташца. Цара детин пхьегӀашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгӀаташца а гӀо дора царна.

7 Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хӀума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цӀа чу охьадиллина долу.

8 Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тӀедиллира и хӀуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхӀудан эла волчу Шишбацаран кара дӀаелира.

9 Цигара араяьхна йолу хӀуманаш хӀорш ю: дешин бошхепаш – ткъе итт; детин бошхепаш – цхьа эзар; арсаш – ткъе исс;

10 дешин кедаш – ткъе итт; кхидолу детин кедаш – биъ бӀе итт; кхидолу кедаш – цхьа эзар.

11 Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бӀе детиххий, дешиххий йина пхьегӀа яра. Шишбацара и хӀуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дӀаяьхьира.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy