Online Bible

- Reklamy -

Ӏамос 9 - Делан Йозанаш


Везачу Элан кхелах цхьа а валалур вац

1 Веза Эла сагӀа доккхучу кхерчана уллохь гира суна. Цо элира: «Делан цӀенна хӀиттийначу бӀогӀамашна тӀе, баххаш ластийттал, хӀума тоха. И бӀогӀамаш массеран а кортош тӀе эгаде. Ткъа царах биснарш Ас туьраца хӀаллакбийр бу. Царах цхьа а дӀа а вадалур вац, цхьа а кӀелхьар а валалур вац.

2 Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас.

3 Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бӀаьргашна хьалхара дӀабевлла, хӀордан бухахь уьш дӀаловчкъахь а, цигахь а Ас хӀордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.

4 Нагахь санна, шайн мостагӀашна хьалха а бевлла, уьш йийсаре гӀахь а, цигахь а Ас туьре омра дийр ду, уьш байа аьлла. Ас Сайн бӀаьргаш, царна диканна а ца хьажош, бохам бан тӀехьажор бу».

5 ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тӀаккха латта дӀасадекъало. Лаьтта тӀехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло.

6 Дала Шена лерина хӀусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. Цо хӀордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тӀехула дӀа а Ӏанадо. Цуьнан цӀе – Веза Эла ю!

7 «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пӀелаштамхой Крит-гӀайре тӀера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло.

8 «Хьалдолчу Элан бӀаьргаш къинош летийначу пачхьалкхана тӀехьажийна бу. Ас, хӀаллак а йина, лаьтта тӀера тӀепаза йойур ю иза. Амма Якъубан цӀа Ас кхоччуш хӀаллакдийр дац, – боху Везачу Эло.

9 – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дӀасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу.

10 Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хӀаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тӀе а богӀур бац“».


Дала Исраилан халкъ хьалха ма-хиллара дӀахӀоттор

11 «Охьадоьжна четар санна йолу Даудан пачхьалкх юхаметтахӀоттор ю Ас оцу дийнахь. Цуьнан йохийна а, лилхина а меттигаш, дӀа а къевлина, ширачу заманахь ма-хиллара, дӀахӀоттор ду иза.

12 Иза Эдомах диснарг а, Сан долахь хилла массо къаьмнаш а церан карадахийтархьама дийр ду Ас», – боху хӀара дерриге а деш волчу Везачу Эло.

13 «ТӀекхочур ду, – боху Везачу Эло, – охуш волчунна – оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дӀаюьйш волчунна тӀаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаӀийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза.

14 Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тӀе юхадерзор ду. Яссийначу гӀаланашкахь гӀишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгӀна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.

15 Ас шайн лаьтта тӀе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тӀера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy