Ӏамос 8 - Делан ЙозанашСтоьмаш чохь болу тускар гар 1 Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. 2 Цо хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла. ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тӀекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. 3 Цу дийнахь паччахьан цӀа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дӀакхуьссур ду». Исраилан халкъана кхел яр 4 ЛадогӀа кху дешнашка, мисканаш дӀакхалла а, къенаш хӀаллакбан а хьаьгна долчу а, 5 иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дӀабовр бу, вайна ялта дӀадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дӀадер ду, вайга чӀоьнаш дӀаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. 6 Иза хир ду хьал доцурш детих эца а, мисканаш шина мачех хийца а, дӀаден мегаш доцу хӀу дохка а». 7 Исраилан халкъах дозалла дечу Везачу Эло чӀагӀо йора: «Билггала цкъа а церан гӀуллакхех цхьа а дицдийр дац Аса! 8 Дегор-м дац те и бахьана долуш латта? Лаьтта тӀехь вехаш волу хӀора а воьлхур-м вац те? Дерриге а, доьду хи санна, тохалур ду. Мисар-махкара хи санна, лакхадолуш а, лахлуш а хир ду иза. 9 Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дӀахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тӀе бода боссор бу. 10 Шун деза денош гӀайгӀане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дӀахӀоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тӀедухур ду, хӀораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кӀантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю. 11 Денош тӀедогӀур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тӀехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. 12 Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хӀорда тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац. 13 Оцу дийнахь хаза мехкарий а, кегийрхой а хьагбаларна гӀора дайна хир бу. 14 Цара Шамранан цӀуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаӀан делах дуй боу!“ – олий. И чӀагӀонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гӀовттур бац». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia