Online Bible

- Reklamy -

Ӏамос 7 - Делан Йозанаш


ЦӀоз гар

1 Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цӀоз кхоьллира тӀаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тӀера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тӀаьхьа, керла буц хьалайолуш.

2 ЦӀазо буц дӀайиъна яьлча, ас элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».

3 Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира Везачу Эло.


ЦӀе гар

4 Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Везачу Эло кхел ян цӀе кхоьллира. Оцу цӀеро лаьттана бухахь болу боккха хӀорд а бакъийра, ткъа кхаш дӀа а кхаьллира.

5 Ас тӀаккха элира: «Сан Хьалдолу Эла! Къинхетам бехьа! Якъубах схьадаьлла Хьан халкъ дийна муха дуьсур ду? Иза чӀогӀа жима ду-кх».

6 Везачу Элана къахийтира цунах. «Иза хир дац», – элира сан Хьалдолчу Эло.


Санисбийриг гар

7 Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра.

8 Везачу Эло соьга хаьттира: «Ӏамос, хьуна хӀун го?» «Санисбийриг го», – жоп делира ас. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ас хӀинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац.

9 Яссийна хир ю Исхьакхан тӀаьхьенийн сагӀанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаӀам-паччахьан цӀенна а Со туьраца дуьхьалвер ву».


Ӏамос а, Амци-ЯхӀу а

10 Бетал-гӀалин динан да волчу Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахьна ЯрбаӀамна тӀе нах бахийтира хӀара дӀаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Ӏамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург.

11 ХӀунда аьлча Ӏамоса иштта боху: „ЯрбаӀам туьрах хӀаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тӀера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“».

12 Амци-ЯхӀус иштта элира Ӏамосе: «Хиндерг хууш верг! Вало, ЯхӀуд-махка дӀа а гӀой, цигахь бепиг даа хьайна алапа эца, цигахь, пайхамаро санна, хаамаш а бе.

13 Ткъа Бетал-гӀалахь пайхамаралла кхин ма де, хӀунда аьлча иза паччахьо Ӏибадат деш йолу меттиг а ю, пачхьалкхан Деза цӀа а ду».

14 Ӏамоса Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Со пайхамар а вац, я шайна алапа оьцучу пайхамарийн тобана юкъавогӀуш а вац. Со жаӀу вара, цул сов, ас инжиран дитташ а Ӏалашдора.

15 Амма Везачу Эло уьстагӀий долчуьра схьаваьккхира со. Цо соьга иштта элира: „Вало, Сан халкъана, исраилхошна, Соьгара болу хаамаш бан гӀо“.

16 ЛадогӀа хӀинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тӀаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“.

17 Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хӀара боху: „Хьан зуда гӀалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кӀентий а, йоӀарий а туьро хӀаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дӀалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy