Ӏамос 4 - Делан Йозанаш1 ЛадогӀа кху даше, Шамранан лам тӀехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гӀийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Ӏазапехь латтош берш а, шайн хӀусамдайшка: «Схьада чагӀар, оха мер ду!» – бохурш ду. 2 Шен возаллица чӀагӀо йора Хьалдолчу Эло: «Шу коьжалгашца, ткъа шун биснарш мӀерашца текхор болу денош шуна тӀедогӀур ду», – бохуш. 3 «Пенах даьккхинчу уллорачу Ӏуьргана тӀе а такхийна, кхиссина арадохуьйтур ду шу, тӀаккха шу Хьармон-лам болчухьа дӀалохкур ду», – боху Везачу Эло. Исраилан халкъан аьрхалла 4 «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гӀаларчу езачу метте дӀа а гӀой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш даха хӀора Ӏуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгӀа дакъа дӀало. 5 Исраилхой, баркаллин сагӀина лерина долу совсийна бепиг схьада, дӀакхайкхаде аша шайн лаамца сагӀанаш дохуш хилар, цунах лаьцна, дозалла а деш, дӀасадаржаде, ишттадерг шайна дукхадеза дела», – боху Хьалдолчу Эло. 6 «Со ма вара шун массо а гӀаланашкахь мацалла ХӀоттийнарг а, шун массо а ярташкахь ялта цатоар ХӀоттийнарг а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 7 Ас кхаа баттахь, ялта хьокху хан тӀекхаччалц, догӀа ца доуьйтура шуна. Цхьана гӀалахь догӀа доуьйтура Ас, ткъа вукху гӀалахь ца доуьйтура. Цхьа кха дузадора догӀано, ткъа важа, хин тӀадам божаза, дакъалора. 8 Шина-кхаа гӀалара нах хи малархьама цхьана гӀали чу гуллора, амма шаьш Ӏаббалц ца малалора цаьрга иза. ТӀаккха а тӀе ца дирзи шу Суна», – боху Везачу Эло. 9 «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тӀе. ЦӀазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тӀе ца дирзира шу. 10 Ас шуна Мисар-махкахь хиллачух цамгаран ун тӀедаийтира. Шун кегий нах туьраца хӀаллакбора Ас, дой йийсаре дӀа а лохкуш, шун меттаметтанашкара боьха хьожа шун мерӀуьргашка еттайолуьйтура. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу», – боху Везачу Эло. 11 «Ас шуна юкъахь бохамаш бора, Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохош Айса бина бохамаш санна. Ткъа шух биснарш, цӀергара схьадаьхна хьокхий санна, бара. ТӀаккха а Суна тӀе ца дирзира шу, – боху Везачу Эло. – 12 Цундела Ас иштта дийр ду шуна, исраилхой. Аса иза иштта дийр долу дела, кечло, исраилхой, шайн Далла дуьхьалдаха!» 13 Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дӀа а хоуьйту, Ӏуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цӀе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia