Ӏамос 3 - Делан Йозанаш1 ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла: 2 «Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш». Пайхамаран Ӏалашо 3 Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш? 4 Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча? Лоьман кӀорнино шен бен чуьра аз хозуьйтуш хуьлий те, ша лаьцна хӀума а йоцуш? 5 РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча? ДӀакъовлалур юй те речӀа, цу чу цхьа хӀума ца нисъелча? 6 Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гӀалина бохам, Веза Эла воцучо тӀебаийтина? 7 Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш. 8 Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш? Шамран-гӀалин кхоллам 9 Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», – алий. 10 «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна». 11 Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду». 12 Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой. 13 Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», – боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло. 14 «Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош – церан маӀаш, хеда а йина, лаьтта охьатуьйсур ю. 15 Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», – боху Везачу Эло. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia