Ӏамос 2 - Делан Йозанаш1 Иштта боху Везачу Эло: «Муабахоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча муабахоша Эдом-мехкан паччахьан даьӀахкаш, царах чим а беш, ягийна дӀаяьхнера. 2 Муаби-махкана тӀе цӀе хьажор ю Ас, цо хӀаллакйийр ю Кхиръют-гӀалин гӀепаш, тӀаккха Муаби-мохк хӀаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тӀеман гӀовгӀа хир ю, коьман маӀан аз а хир ду хезаш. 3 Ас хӀаллаквийр ву цу мехкан куьйгалхо, ткъа цунна гонах берш а хӀаллакбийр бу Ас цуьнца цхьаьна», – боху Везачу Эло. ЯхӀудан халкъ 4 Иштта боху Везачу Эло: «ЯхӀудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дӀатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тӀаьхьахӀиттина леллачу цӀуша тилийна уьш. 5 Ас цӀе хьажор ю ЯхӀудана тӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш». Исраилан халкъ 6 Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара бакъверг а детих дӀавухку, къениг а вухку шина мачех. 7 Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кӀант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цӀе емал а еш. 8 Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тӀе а юхий, Ӏохку уьш сагӀанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гӀуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагӀар муьйлу цара шайн Делан цӀа чохь. 9 Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хӀаллаквина. Ас церан лакха тӀера стом а, лахара орам а хӀаллакбина. 10 Ткъа Ас шу арадехира Мисар-махкара. Шовзткъа шарахь лелийра Ас шу яьссачу аренгахула, эмархойн латта шун дола далийтархьама. 11 Ас шун кӀенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех – назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» – боху Везачу Эло. 12 «Ткъа аша назархошна чагӀар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш. 13 Ас хӀинца охьатаӀор ду шу, цӀевнех юьзначу гӀудалкхо охьа-ма-таӀӀора. 14 ТӀаккха кадечун а дӀавада ницкъ хир бац, ондачуьнга а шен ондалла латталур яц, тӀемалочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 15 Пхерчий кхуьссург а дуьхьаллатталур вац, маса лелаш верг а дӀавадалур вац, дошлочуьнга а шен дахар кӀелхьардаккхалур дац. 16 ТӀемалошна юкъара уггар а доьналла дерг а оцу дийнахь водур ву, герз охьа а тесна», – боху Везачу Эло. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia