Online Bible

- Reklamy -

Ӏамалъяр 9 - Делан Йозанаш


АхӀарона сагӀа даккхар

1 БорхӀалгӀачу дийнахь АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас.

2 Цо элира АхӀароне: «Цхьа а сакхт доцу старгӀа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хӀотто. Старах къинан сагӀа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагӀа даккха.

3 Исраилхошка ала: „Къинан сагӀа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагӀа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Ӏахар а балабе.

4 Везачу Элана хьалха бертан сагӀа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кӀен сагӀа а даккха, хӀунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».

5 Мусас да аьлла тӀедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хӀоьттира дерриг а халкъ.

6 Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тӀаккха Везачу Элан олаллин нур схьахӀуттур ду шуна».

7 АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».

8 Кхерчана тӀе а вахана, шена тӀера, къинан сагӀина лерина, старана урс хьаькхира АхӀарона.

9 КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира.

10 Къинан сагӀанах йолу мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а кхерча тӀехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара,

11 ткъа жижиг а, неӀ а цӀера тӀехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина.

12 Юха дийнаташ дагоран сагӀина леринчу бежанна урс хьаькхира АхӀарона. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀе туьйхира.

13 Дийнаташ дагоран сагӀина урс хьаькхначу бежанан дакъош а, корта а цара цхьацца шена схьадеача, кхерча тӀехь дагадора цо,

14 ткъа чоконаш а, когаш а, била а билина, вукху дакъошца кхерча тӀехь багийра.

15 Цул тӀаьхьа АхӀарона халкъан сагӀа даьккхира. Халкъана тӀера долчу къинан сагӀина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагӀа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тӀера сагӀа даккхаре терра.

16 Дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхира цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

17 Иштта, кӀен сагӀа а даьккхина, цунах цхьа кана а юьзна, юха кхерча тӀехь Ӏуьйранна даьккхинчу дийнаташ дагоран сагӀина тӀехула иза дагийра цо.

18 Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагӀина лерина. Цуьнан кӀенташа цӀий тӀедеара цунна. Цо иза массо а агӀор кхерчана тӀетуьйхира.

19 КӀенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тӀера мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а.

20 Цара мохь некхан жижигна тӀе йиллича, цо иза, схьа а эцна, кхерча тӀехь ягийра.

21 Некхан жижиг а, аьтту гӀогӀ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна даьккхира АхӀарона, Мусас тӀе-ма-диллара.

22 Халкъехьа дӀа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхӀарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а даьхна.

23 ТӀаккха Муса а, АхӀарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира.

24 Везачу Элера схьайолучу цӀеро кхерча тӀера дийнаташ дагоран сагӀина дийна бежана а, мохь а дӀакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy