Ӏамалъяр 2 - Делан ЙозанашКӀен сагӀа 1 «Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо. 2 И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 3 КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. 4 Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. 5 Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. 6 Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду. 7 Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза. 8 Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа. 9 Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю. 10 КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. 11 Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун. 12 Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац. 13 Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да. 14 Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. 15 Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду. 16 Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia