Ӏамалъяр 18 - Делан ЙозанашШен дахарехь цӀена лелар 1 Везачу Эло Мусага элира: 2 «ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. 3 Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш. 4 Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. 5 Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. 6 Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7 Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. 8 Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. 9 Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10 Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11 Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12 Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 13 Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 14 Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15 Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. 16 Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. 17 Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. 18 Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа. 19 Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. 20 Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21 Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22 Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. 23 Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду! 24 Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина. 25 Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу. 26 Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе. 27 (Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.) 28 Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна. 29 Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. 30 Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia