Online Bible

- Reklamy -

Ӏамалъяр 16 - Делан Йозанаш


Къинош дӀадахаран де

1 Хийра цӀе а яхьаш, Везачу Элана хьалха веана АхӀаронан ши кӀант велча, Везачу Эло Мусаца къамел дира.

2 Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхӀароне дӀаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гӀо. Цигахь лаьттачу бартбаран тӀорказан негӀарна хьалха иза веача, АхӀарон вала мега, хӀунда аьлча къинош дӀадахаран негӀарна тӀехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.

3 Делан четаран уггар езачу чоьнна чувале, къинан сагӀина старгӀа а, дийнаташ дагоран сагӀина ка а бан беза АхӀарона.

4 Дуткъачу кӀадих йина еза коч тӀеюха еза цо тӀе, дуткъачу кӀадих йина чухула юху хӀума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тӀехь. Уьш деза духарш ду, шен дегӀ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тӀе.

5 Исраилхойн халкъана тӀера къинан сагӀина лерина ши бож а, дийнаташ дагоран сагӀина лерина ка а схьаэца беза АхӀарона.

6 Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа а йийна, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадохур ду цо.

7 Ши бож, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀарехь дӀахӀоттор ю цо.

8 Юха АхӀарона шина божана кхаж тосур бу: цхьа кхаж Везачу Элана лерина, ткъа важа Ӏазизалина лерина.

9 Везачу Элана лерина кхаж баьлла бож, схьа а ялийна, къинан сагӀа санна йоккхур ю АхӀарона.

10 ДӀахецаран кхаж баьлла дийна йолу бож Везачу Элана хьалха хӀоттор ю. Цул тӀаьхьа и бож яьссачу ара, Ӏазизал долчу, дӀахоьцур ю, халкъан къинош дӀадахархьама.

11 АхӀарона шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀа ялор ю, ша а, шен цӀийно а летийна къинош дӀадахархьама. Шена тӀера къинан сагӀина лерина старгӀина урс хьокхур ду цо.

12 Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерча тӀера богуш болчу кӀоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, схьа а эцна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхӀарона.

13 Везачу Элана хьалха йогучу цӀера тӀе дуьллур ду цо хаза хьожа йогӀу сегӀаз. СегӀазан кӀуьро тоьшаллин тӀорказан къинош дӀадахаран негӀар дӀахьулдийр ду, АхӀарон, иза ган а гина, ца валийтархьама.

14 Юха старгӀин цӀий, шен пӀелгаца цхьажимма схьа а эцна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза цунна хьалха а тухур ду цо.

15 Къинан сагӀина халкъана тӀера бож юьйр ю цо, тӀаккха цуьнан цӀий а, старгӀин цӀий санна, кирхьанна тӀехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негӀарна тӀе а, ворхӀазза бартбаран тӀорказна хьалха а тухур ду цо.

16 Исраилхойн боьха гӀуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дӀадохур ду уггар езачу чоьнна тӀера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хӀунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цӀена бац.

17 АхӀарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дӀадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цӀийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дӀа а даьхна,

18 Везачу Элана хьалха болчу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а вахана, иза цӀанбан беза цо. СтаргӀин а, божан а цӀий цхьажимма кхерчан массо а маӀана тӀе хьокхур ду цо.

19 Шен пӀелга тӀера ворхӀазза кхерча тӀе цхьажимма цӀий а тоьхна, иза цӀанбийр бу цо, исраилхой цӀена цахиларх базбийр бу и кхерч».


ДӀахоьцуш йолу бож

20 «Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, цӀан а бина, дийна бож схьаялор ю АхӀарона.

21 Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тӀе а дехкина, цунна тӀехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дӀадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тӀаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дӀахьажор ю цо и бож.

22 Божо нехан ерриг а харцонаш шеца яьссачу ара дӀахьур ю, цу стага ша дӀахецча.

23 Гуламан четарна чу а вахана, ша хьалха чувоьдуш тӀедоьхна хиллачу дуткъачу кӀадих дина духарш цу чохь дуьтур ду АхӀарона.

24 Езачу меттехь шен дегӀ а дилина, ша лелош йолу бедарш тӀе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама.

25 Къинан сагӀина йийначу старгӀин мохь кхерча тӀехь ягор ю цо.

26 Яьссачу ара бож дӀахьажо ваханарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Цул тӀаьхьа иза меттаматтана чуваха мега.

27 Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дӀадаха цӀий даьккхина йолчу, къинан сагӀина йийначу старгӀин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неӀарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза.

28 Уьш ягийнарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза, тӀаккха меттамотт болчу ван мегар ду иза».


Къинош дӀадахаран де ларар

29 «Шуна гуттаренна а тӀедуьллуш ду хӀара хӀума: ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Ӏаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх,

30 хӀунда аьлча цу дийнахь шун къинош дӀадохур ду, шу цӀандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цӀена хир ду шу.

31 Иза садоӀу шоьтан де ду, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тӀедиллина ду шуна.

32 Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кӀадих дина деза духарш тӀе а дуьйхина,

33 уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цӀанбаран Ӏадат кхочушдийр ду цо.

34 Иза гуттаренна а шуна тӀедиллина хӀума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дӀадахар». Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, кхочушдира АхӀарона дерриг а.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy