Online Bible

- Reklamy -

Ӏамалъяр 14 - Делан Йозанаш


Тобелларш Далла хьалха цӀанбарх лаьцна

1 Везачу Эло Мусага элира:

2 «Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тӀедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цӀанван везачу хенахь иза динан дена тӀевалор ву,

3 ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь,

4 динан дас омра лур ду, цӀанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла.

5 Кхийрачу пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хина тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас.

6 Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу Ӏуттур ду динан дас.

7 Юха цамгарх цӀанвечу стагана тӀе ворхӀазза цӀийн тӀадамаш тухур ду цо. Цул тӀаьхьа, стаг Далла хьалха цӀена ву аьлла дӀа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дӀахоьцур ду динан дас.

8 Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цӀанвеллачул тӀаьхьа, и стаг Далла хьалха цӀена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхӀ де доккхур ду цо.

9 ВорхӀалгӀачу дийнахь ерриг а шен месаш дӀайошур ю цо: корта а, маж а, цӀоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тӀаьхьа Далла хьалха цӀена хир ву иза.

10 БорхӀалгӀачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Ӏахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Ӏахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кӀен дама а кӀен сагӀина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо.

11 Стаг цӀанвеш волчу динан дас цо деанчу совгӀаташца гуламан четаран неӀ йолчохь Везачу Элана хьалха хӀоттор ву иза.

12 Цхьа Ӏахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гӀуда такхаран сагӀа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагӀа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду.

13 Къинан сагӀина а, дийнаташ дагочу сагӀина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Ӏахарна урс хьокхур ду, хӀунда аьлча, къинан сагӀа санна, къера хиларан долу хӀара сагӀа динан ден ду. Иза чӀогӀа деза сагӀа ду.

14 ГӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий, цхьажимма схьа а эцна, цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пӀелга тӀе а, аьтту коган нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду динан дас.

15 Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо.

16 Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Ӏоьттина, аьтту куьйган пӀелгаца ворхӀазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дӀакхуьссур ду динан дас.

17 Куьйга тӀехь дисна даьтта цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелга тӀе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гӀуда такхаран сагӀина бийначу Ӏахаран цӀий хьаькхна ю.

18 Кераюккъехь дисна даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, тӀаккха и стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.

19 Къинан сагӀа а даьккхина, цамгарх товина стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тӀаьхьа дийнаташ дагоран сагӀина дийнат дуьйр ду цо.

20 Дийнат а, кӀен сагӀа а кхерча тӀе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха и стаг Далла хьалха цӀена хир ву.

21 Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цӀанвархьама гӀуда такхаран сагӀина цхьа Ӏахар бало беза цо. Цу Ӏахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагӀа санна. Цул сов, цу стага, кӀен сагӀина лерина, бархӀ кад зайтдаьттанца эдина кӀен дама а, ши кад зайтдаьтта а,

22 ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза.

23 Ша цӀанлучу борхӀалгӀачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀарна улло а еана, динан дега дӀаяла еза цо и хӀуманаш.

24 ГӀуда такхаран сагӀина беана Ӏахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна боккхур бу динан дас.

25 Ӏахар гӀуда такхаран сагӀина лерина бен а бийна, цуьнан цӀий цӀанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а хьокхур ду динан дас.

26 Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо,

27 юха, аьрру куьйга тӀера цу даьттана чохь аьтту куьйган пӀелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхӀазза Везачу Элана хьалха тосур ду.

28 Хьалха ша цӀий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пӀелгана тӀе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас.

29 Дисина даьтта цӀанвечу стеган коьрта тӀе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цӀанваран Ӏадат кхочушдархьама.

30 ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас.

31 Царах цхьа олхазар къинан сагӀина а, важа кӀен сагӀанца дийнаташ дагоран сагӀина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас.

32 Иштта ду ша цӀанваран Ӏадат кхочушдечу хенахь сагӀина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тӀедиллинарг».


ЦӀенош тӀехь хуьлучу доӀан томмагӀех лаьцна

33 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:

34 «Нагахь, Ас шуна луш долчу канаӀанхойн лаьтта тӀе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тӀера цхьана цӀенна доӀан томмагӀаш Аса кхетийтахь,

35 и цӀа долчо, динан дена тӀе а вахана, ала деза: „Сан цӀенна тӀехь томмагӀаш гучудевлла, ткъа уьш доӀан томмагӀех тера ду“.

36 ЦӀийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тӀаьхьа иза, талла а толлуш, цӀийне хьожур ву.

37 Нагахь цунна, томмагӀашка хьаьжча, кӀоргга чудахна а долуш, пена тӀехула баьццарчу я цӀечу басахь уьш хилар гахь,

38 цӀа чуьра ара а ваьлла, ворхӀ денна иза дӀакъовлур ду динан дас.

39 ВорхӀалгӀачу дийнахь ша юхавеача, томмагӀаш дерриг а пенашна тӀехула дӀасадаьржина хилар динан дена гахь,

40 томмагӀаш тӀехь долу тӀулгаш, схьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду цо.

41 ЦӀа чуьра пенаш тӀера хьахарш, охьа а дахийтина, гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхуьссуьйтур ду.

42 ДӀадаьхначеран метта кхин тӀулгаш дӀахӀиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду.

43 Нагахь, тӀулгаш а, хьахарш а хийцинчул тӀаьхьа, томмагӀаш, юха гучу а девлла, дӀасадаьржаш хилахь,

44 динан дас кхин цкъа а цӀа толлур ду. Нагахь томмагӀаш пенашна тӀехула дӀасадаьржинехь, уьш кхераме доӀан томмагӀаш ду, цӀа цӀена дац.

45 И цӀа доха а дина, цуьнан тӀулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гӀалел арахьа, боьхачу метте дӀакхисса еза.

46 Нагахь цхьаъ и цӀа къевлина долчу хенахь цу чу гӀахь, иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.

47 Цу цӀа чохь дӀавижначо я хӀума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац. Цу чохь хӀума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цӀена хир вац.

48 Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тӀаьхьа томмагӀаш дӀасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тӀаьхьа гахь, цо цӀа Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча томмагӀаш дӀадевлла.

49 И цӀа цӀандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цӀен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас.

50 Кхийра пхьегӀи тӀе а лаьцна, шовданан хи тӀехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо.

51 Баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тӀехула урс хьаькхначу олхазаран цӀийна чу а Ӏоьттина, цӀенна тӀе ворхӀазза цинцаш тухур ду динан дас.

52 Олхазаран цӀийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цӀечу тайца а цӀа цӀандийр ду цо.

53 Дийна долу олхазар гӀалел арахь, эрна аренгахула, дӀахоьцур ду. Иштта цӀа цӀандаран Ӏадат кхочушдийр ду цо, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ду.

54 Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а,

55 бедарш тӀехь а, цӀийна тӀехь а хуьлучу доӀан томмагӀех а, дегӀа тӀехь долчу дестарх а, хьаьттарех а, томмагӀех а долу тӀедиллинарг,

56 кхеттарг боьха а, цӀена а хуьлу хан къасторхьама. Иштта ду цу тайпана йолчу цамгарех я томмагӀех долу тӀедиллинарг».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy