Online Bible

- Reklamy -

Ӏамалъяр 12 - Делан Йозанаш


Бер динчу зудчух лаьцна тӀедиллинарг

1 Везачу Эло Мусага элира:

2 «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кӀант вахь, ворхӀ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цӀена хир яц иза.

3 БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш ву.

4 Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кӀант виначу цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хӀуманах дӀахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цӀанъяларан денош чекхдовллалц.

5 Нагахь зудчо йоӀ яхь, шина кӀирнах Далла хьалха цӀена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Ӏан деза цуьнан, йоӀ йинчу цӀийх Далла хьалха ша цӀанъяллалц.

6 ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо.

7 Везачу Элана хьалха сагӀа а даьккхина, и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. ТӀаккха иза дӀаихначу шен цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю. Иштта ду кӀант я йоӀ йинчу зудчух долу тӀедиллинарг.

8 Нагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy