Online Bible

- Reklamy -

Ӏамалъяр 11 - Делан Йозанаш


Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
( Карлабаьккхинарг 14:3-21 )

1 Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:

2 «ДӀаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тӀехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хӀорш ду:

3 кӀоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.

4 Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хӀорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю.

5 ГӀамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю.

6 Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю.

7 Хьакха кӀорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю.

8 Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. Уьш шуна хьарам ю.

9 Хи чохь а, хӀорда чохь а долчу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду.

10 Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хӀорда чохь а Ӏаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза.

11 Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета.

12 Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду.

13 Олхазарех хӀорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а,

14 маккхал а, шен тайпанашца леча а,

15 шен тайпанашца муьлхха къиг а,

16 страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а,

17 соька а, чӀерийдохург а, ибис а,

18 бухӀа а, пеликан а, сип а,

19 аист а, шен тайпанашца зуя а, хӀуттут а, бирдолаг а.

20 ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна.

21 ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тӀехула кхиссаялархьама, шайн когашна тӀехула настарш ерш ю уьш.

22 Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цӀоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солӀам а, хьаргол а цӀераш йолу цӀоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а.

23 Кхин муьлхха а тӀемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю.

24 ХӀинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

25 Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

26 Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кӀорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

27 Беа кога тӀехь лелачу акхаройх тӀодаш тӀехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

28 Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю.

29 Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а,

30 ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цӀераш йолу моьлкъарчий а.

31 Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

32 Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хӀуманна тӀе йожахь, и хӀума – дечиган пхьегӀа а, я бедар а, я тӀаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю.

33 Цу дийнатех елла хӀума кхийрачу пхьегӀи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегӀа йохо еза.

34 И санначу пхьегӀи чуьра хица йина яа хӀума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегӀи чуьра молу хӀума а хьарам хир ю.

35 Церан чархах схьаяьлла тӀейоьжна хӀума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу.

36 Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гӀу елахь, и Далла хьалха цӀена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дӀахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву.

37 Деллачу дийнатах схьаяьлла хӀума тӀейоьжна долу дӀадоь хӀу Далла хьалха цӀена дуьсу.

38 Ткъа шена тӀехь хи долчу хӀуьнна тӀе деллачу цу дийнатан цхьа хӀума йожахь, и хӀу Далла хьалха боьха хир ду.

39 Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

40 Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дӀаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.

41 Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша.

42 Иза гай тӀехь текхаш а, я беа кога тӀехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь – и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю.

43 Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта.

44 ХӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дӀакъастаделаш, иштта цӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хӀуманашка шаьш бех ма дайта.

45 Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а ву цӀена.

46 Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тӀедиллинарг,

47 Далла хьалха боьхачух цӀенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дӀакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy