Online Bible

- Reklamy -

Эсират 10 - Делан Йозанаш


Мардахайн сийдар

1 Паччахь волчу Ахьаш-Варуша латтанашна тӀера а, хӀордан гӀайренашна тӀера а ял ялар тӀедожийра шен халкъана.

2 Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дӀаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тӀехь.

3 Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тӀаьхьа шолгӀа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чӀогӀа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хӀунда аьлча цо шен къомана дика долу хӀума лохуш а хилла, цуьнан тӀаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy