Эпасхошка 3 - Делан ЙозанашПахӀала кхечу къаьмнех болчу нахана гӀуллакх дар 1 Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахӀала, доӀа до. 2 Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тӀедиллинчу гӀуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх. 3 И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. 4 Цундела, дӀаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. 5 Хьалхалерчу адамийн тӀаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хӀинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. 6 Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш. 7 Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца. 8 Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а, 9 Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хӀума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. 10 И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама. 11 Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула иза кхочушдина Дала. 12 Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн. 13 Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безам 14 Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха. 15 Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу. 16 Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш. 17 Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш. 18 Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кӀорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам. 19 Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама. 20 Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна, 21 Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца мел волчуьнгара а массо а тӀаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia