Доладалар 7 - Делан Йозанаш1 ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. 2 Хьайца схьаэца хӀора тайпанах ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хӀора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а). 3 ХӀора тайпана олхазарех а схьаэца ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а, церан тӀаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тӀехь. 4 Ткъа ворхӀ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догӀа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тӀе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тӀера хӀаллак а деш». 5 Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира. 6 Хи тӀедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бӀе шо дара. 7 Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а. 8 Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана 9 (боьрша а, стен а). Шена Дала тӀе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира. 10 ВорхӀ де даьлча, лаьтта тӀе хиш деара. 11 Нохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара. 12 (И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий). 13 Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. 14 Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тӀема мел йолу хӀума а, ша-ша тайпа олхазарш а. 15 И массо а шайна чохь са долуш йолу хӀуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. 16 Дала тӀе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хӀуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тӀаьхьа хинкеманан неӀ дӀачӀегӀира Везачу Эло. 17 Лаьтта хи тӀедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. 18 Хи, кхин а чӀагӀлуш, дебара лаьтта тӀехь, ткъа кема хин тӀехула лелара. 19 Хи гулдалар лаьтта тӀехь тӀех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дӀахьулделира хи чохь. 20 Лаьмнаш хьулделлачул тӀаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. 21 Лаьтта тӀехь лелаш мел йолу садолу хӀума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дӀакхелхира. 22 Дерриге а лаьтта тӀехь хилла йолу мерӀуьргашкахула садоӀуш мел йолу хӀума елира. 23 Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира. 24 Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia