Доладалар 5 - Делан ЙозанашАдамна тӀера Нохьина тӀе кхаччалц йолу хан ( 1 Шерашкахь 1:1-4 ) 1 ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. 2 Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала. 3 Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама. 4 ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 5 Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира. 6 ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош. 7 Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 8 ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 9 Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим. 10 Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 11 Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 12 Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал. 13 Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 14 Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 15 Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад. 16 Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 17 Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 18 Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох. 19 ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 20 Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 21 ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь. 22 Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 23 ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира. 24 ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела. 25 Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ. 26 ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 27 Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 28 ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира. 29 ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». 30 Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 31 ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира. 32 Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia