Online Bible

- Reklamy -

Доладалар 4 - Делан Йозанаш


Кхаим а, Хьабул а

1 Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду).

2 Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.


Дуьххьара стаг вер

3 Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара.

4 Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а.

5 Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.

6 ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву!

7 Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».

8 ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.

9 ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»

10 ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.

11 ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь.

12 Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».

13 ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан.

14 Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».

15 Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас». ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.

16 Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.

17 Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.

18 ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ.

19 ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла.

20 Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах.

21 Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира.

22 Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат.

23 Шен зударшка ЛемакӀа элира: «Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий! ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн. Сайна чов йича, стаг вийна ас. Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.

24 Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча, со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара».

25 Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», – элира Хьавас.

26 ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира. Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy