Доладалар 3 - Делан ЙозанашАдамо дуьххьара къа латадар 1 Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» 2 Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, 3 амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама». 4 ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, 5 амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!» 6 Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. 7 ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш. 8 Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. 9 Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла. 10 Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со». 11 Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла. 12 Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла. 13 ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла. 14 ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш. 15 ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь а мостагӀалла хир ду. Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». 16 Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву». 17 Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. 18 КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе, аренан ораматех хир ю хьуна юург. 19 Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». 20 ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела. 21 ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш. 22 Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». 23 Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. 24 Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia