Online Bible

- Reklamy -

Доладалар 12 - Делан Йозанаш


Ибрама Дала тӀедиллинарг кхочушдар

1 Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.

2 Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.

3 Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду».

4 Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара.

5 Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира.

6 Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.

7 Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.

8 Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира.

9 Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.


Ибрам Мисар-махкахь

10 ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара.

11 Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете: «Суна хаьа хьо хаза зуда юйла.

12 Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама.

13 Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».

14 Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира.

15 ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира.

16 Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.

17 Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе.

18 ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно: «ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь?

19 Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» – аьлла.

20 Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy