Online Bible

- Reklamy -

Доладалар 11 - Делан Йозанаш


Бавелан бӀов хӀоттор

1 Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара.

2 Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.

3 «Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан.

4 Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».

5 Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла.

6 Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна: «И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хӀун дан буьйлабелла уьш. ХӀинца дерриге а шайна дан дага догӀург ца далуш дуьсур дац церан.

7 Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».

8 ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш.

9 Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.


Шимина тӀера Ибрам тӀе кхаччалц йолу тӀаьхье
( 1 Шерашкахь 1:24-27 )

10 ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг. Дала хӀокху дуьненна тӀера массо а хӀума, адам хӀаллакдеш даийтина хи дӀадаьллачул тӀаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бӀе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кӀант Арпахшад хилира.

11 Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

12 Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира.

13 Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

14 Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар.

15 Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

16 Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча.

17 ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.

18 ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира.

19 Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

20 Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча.

21 СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.

22 Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир.

23 Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.

24 Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира.

25 ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.

26 ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.


ТӀахьиран тӀаьхьенах лаьцна

27 ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг. ТӀахьиран кӀентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХӀарон а. ТӀаккха ХӀаронан кӀант ЛутӀа хилира.

28 ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш.

29 Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра.

30 Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.

31 ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.

32 ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy