Доладалар 10 - Делан ЙозанашНохьин кӀентийн тӀаьхье ( 1 Шерашкахь 1:5-23 ) 1 ХӀара ду Нохьин кӀентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тӀаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тӀедалар хиллачул тӀаьхьа церан иштта тӀаьхье хилира. 2 Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. 3 Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма. 4 Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. 5 ГӀайренаш тӀехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кӀентийн тӀаьхьенах бара. ХӀора кӀентан а шен долахь латта а дара. ХӀора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дӀахӀиттира уьш. 6 Хьамин кӀентий бара Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. 7 Хушин кӀентий бара Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара Шеба а, Даддан а. 8 Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант а вара. 9 Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». 10 Намрад-пачхьалкхана юкъайогӀуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанӀар-аренна тӀехь яра. 11 Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хӀиттийна Нунав-гӀала а, Рехьабат-гӀала а, Калахь а, 12 Расан а цӀераш йолу гӀаланаш а. Нунав-гӀалина а, йоккха йолчу Калахь-гӀалина а юккъехь яра Расан-гӀала. 13 Мисарх бевлла лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 14 патӀрусхой, шех пӀелаштамхой схьабевлла волу каслахӀамхой, каптӀархой. 15 КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 16 Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 17 хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 18 арвадихой, цӀемархой, хьаматхой. Цул тӀаьхьа КанаӀанан тӀаьхье дӀасаяьржира. 19 КанаӀанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦӀадан-гӀалара дуьйна къилбехьа йолчу ГӀарар-гӀала тӀекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Ӏази-гӀалара дуьйна малхбузера Седам а, Ӏамор а гӀаланашна тӀекхаччалц, иштта Удам а, ЦӀабайма а гӀаланашкара дуьйна ЛашаӀ-гӀала тӀекхаччалц. 20 Иштта яра Хьамин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. Шимин тӀаьхье 21 Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тӀаьхьенах цхьаъ вара Ӏебар. Иза дерриге а Ӏебархойн тайпа долийнарг вара. 22 Шимин кӀентий бара Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. 23 Араман кӀентий ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Маша а бара. 24 Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. 25 Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилла. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра. 26 Якхтанан а хилира кӀентий: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 27 ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 28 Ӏобал, Абумаил, Шеба, 29 Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кӀентий бара. 30 Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара. 31 Иштта яра Шимин тӀаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. 32 Иштта яра Нохьин кӀентийн доьзалийн тӀаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тӀехь дӀасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тӀаьхьа кхолладелла долу. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia