Online Bible

- Reklamy -

Дауд 6 - Делан Йозанаш


Делан деза тӀорказ Ярушалайме схьадохьу
( 1 Шерашкахь 13:1-14 ; 15:25–16:6, 43 )

1 Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тӀемалой шена тӀекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира.

2 Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.

3 Деза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара.

4 Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара.

5 Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, горгалешца а, негӀарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара.

6 Нахонан хьаьтта кхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.

7 Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира.

8 ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина таӀзар дар» бохург ду).

9 Цу дийнахь Дауд чӀогӀа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тӀорказ со волчу муха дахьар ду?»

10 Даудана ца лиира Везачу Элан тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.

11 Деза тӀорказ гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан дерриг цӀа а декъалдира.

12 Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира.

13 Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда.

14 Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара.

15 Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.

16 Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.

17 Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.

18 Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира.

19 Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цӀа дахара.

20 Шен цӀа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоӀа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гӀарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»

21 Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цӀийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дӀахӀоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву.

22 Сайн бӀаьргашкахь со кхин а кӀезиг хилла дӀахӀуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гӀарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна».

23 Шаулан йоӀан Михулин ша елла дӀаяллалц бераш ца хилла.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy