Online Bible

- Reklamy -

Дауд 4 - Делан Йозанаш


Иш-Бошат вер

1 Шаулан кӀант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дӀахиъча, чӀогӀа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а.

2 Шаулан кӀентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла – БаӀний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цӀийнах волчу баировтхочун Римунан ши кӀант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогӀуш хилла.

3 Баировтхой бевдда ГӀитайме дӀабахана. Уьш хӀинца а цигахь тӀебаьхкина нах санна Ӏаш бу.)

4 Шаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра.

5 Баировтхо волчу Римунан ши кӀант Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дӀакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоӀуш, шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара.

6 Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира. Цуьнан гайх тур а Ӏоьттина, уьш бевдда дӀабахара.

7 И шиъ Иш-Бошатан дӀавуьжучу цӀа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тӀаьхьа, цара цуьнан корта, тӀера а баьккхина, шайца дӀабаьхьира. Буьйса дӀаяллалц, Йордан-хин тогӀехула дӀаихира и шиъ.

8 Иш-Бошатан корта Хьевронехь Ӏаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХӀара, хьо вен гӀерташ, хьуна тӀаьхьаваьлла леллачу хьан мостагӀчун Шаулан кӀентан Иш-Бошатан корта бу. ХӀинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тӀаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш».

9 Дауда баировтхо волчу Римунан кӀенташка элира: «Массо а халонех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас.

10 Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дӀаваьлла“. Амма, цунна совгӀат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагӀахь, схьа а лаьцна, вийра.

11 Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?»

12 Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy